ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан пачхьалкхан департаменто кхайкхам бина Оьрсийчоьне, Политковская ейтина нах схьалаха аьлла


Iамерка -- Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретар Нойерт ХIизер, Вашингтон, 07ГIад.2017
Iамерка -- Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретар Нойерт ХIизер, Вашингтон, 07ГIад.2017

Оьрсийчохь «адамийн бакъонаш талхийна меттигаш гучуйохуш яра журналистка. Цо яздора Къилбаседа Кавказерчу бахархоша цу регионехь тIом боьдуш ловш болчу баланех лаьцна», - дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера.

Дукха хан йоцуш Нохчийчохь хьийзош нах бу аьлла болчу хаамаша гойтуш ду, цу регионехь саццаза а, цхьа а бекхам боцуш а адамийн бакъонаш талхош хилар, билгалдаьккхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхийн департаментан векало.

Политковская Анна йийна 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москох.

«Новая газетехь» болх беш йолу журналист евзаш яра Оьрсийчоьнан Iедалшна критика еш а, Нохчийчохь лаьттачу хьолах а, цигахь адамийн бакъонаш талхош хиларх а лаьцна артикалш язъярца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG