ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан министрна новкъарло ярна йиттина ХIинжа-гIаларчу вахархочунна (видео)


ХIинжа-ГIалахь 26 Бакохарчу комиссарийн урамехь, машен а сацийна, цунна урхалла дечу стагана йиттина Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Магомедов Абдурашидан гIаролхоша. Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца цу стага некъан низам дохийна хилла.

И инцидент тIехь йолу видео теш хиллачу стага дIахIоттийна YouTube-хь. Цу видео тIехь гуш ду бес-бесара чиркхаш лепаш йогIу масех машенах лаьтта ковра BMW машенна тIаьхьакхуьуш. Цул тIаьхьа цу ковран юкъара цхьа машен дуьхьал тосу BMW-на. Коврана юкъахь йолчу машенашна чуьра охьабиссинчу наха, BMW-чуьра машенлолорхо ара а такхавой, етта цунна, мийраш а бетташ.

Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, ковра хилла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Магомедов Абдурашид валош йогIуш, ткъа цуьнан гIаролхоша йиттинарг ву ХIинжа-гIалара вахархо Магомедшарипов Мохьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG