ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан эскарш чудахана Шема


Туркойн эскар. Архивера сурт.
Туркойн эскар. Архивера сурт.

Туркойн гIагI диллинчу технико Шеман доза хадийна кIирандийнахь Идлиб провинцехь. Цунах лаьцна хаам бина Рейтер агенталло.

Анкарано хьалхо хаам бинера, тIемалойн тобанашна дуьхьал тIеман операци дIахьош бу шайн эскархой, Тахрир ал-Шам олучу джихадхой вовшахтохаралло дIалаьцна латточу цу кIоштахь аьлла.

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа шотдийнахь дIахьедар дира, шайн эскарша гIортор а еш, Шемара гIаттамхоша, тIеман операци дIайолор ю Идлибехь аьлла. Цо варе бира массо а, «террорхойн коридор» кхоллуьйтур яц Туркойчоьно, шен дозан гергахь аьлла.

И операци дIайолийна туркоша, Туркойчоьнан а, Шеман президентан Асад Башаран бертахойн – Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а -- Идлибехь а, цунна уллехь йолчу кIошташкахь а деэскалацин зона кхолла барт хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG