ТIекхочийла долу линкаш

Католони Испанех дIакъастарна дуьхьал юха а митинг хилла Барселонехь  


Барселона. Архивера сурт.

Каталони Испенехь дIакъастарна дуьхьал рогIера акци хилла Барселонехь кIирандийнахь. Урамашка арабевллера эзарнаш нах. Митинган декъашхоша кхайкхамаш бора каталонхошка, шайн махкана юкъахь биса бохуш.

Испанин премьер-министро Мариано Рахойс хьалхо дIахьедар дира, Каталонех йозуш йоцу пачхьалкх хуьлуьйтур яц ша аьлла. Цо дийцаррехь, Испанин Iедалша цу регионера автономи дIа а яьккхина, дIасахоьцур ду Каталонин Iедал. Цу тайпа Iалашонан кхочуш ян бакъо ло Испанин конституцино бохуш вара премьер-министр.

XS
SM
MD
LG