Соьлж-ГIалахь йоьдучу боксехь пачхьалкхан "Матч ТВ" канало леташ гайтина Кадыров Рамзанан кхо воI: 11 шо кхаьчна Ахьмад а, 9 шо долу Адам а, 10 шарера ваьлла Зеламха-Iела а.
«Сан хьомсарчу вешин бераша - Ахьмада, Iелас а, Адама а - толамаш баьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочун, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан совгIат къовсучу Оьрсийчоьнан боксан чемпионатан чаккхенгахь леташ», - яздина шен инстаграмехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
"Кавказ.Реалиис" хьалхо яздина ма-хиллара, массех бутт хьалха скандал иккхира Соьлж-ГIлахь хIиттийначу берийн летаршна гонах. Кадыровн бераш а дара цигахь дакъалоцуш. ММА-н юкъараллин куьйгалхочо Емельяненко Федора емалдира бераш летийтар, ткъа оцу реакцино огIазбахийтира Кадыровн го.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!