Москох СаIудийн Iаравин эла Салман ибн Iабдул-Iазиз Ал СаIуд цхьаьнакхетта Оьрсийчуьрчу бусалбанийн Коьрта урхаллан куьйгалхочуьнца Таджуддин Талгатца а, Оьрсийчоьнан Бусалбанийн Гуламан лидерца Крганов Альбирца а, Дагестанан, ГIезалойчоьнан, Нохчийчоьнан муфтешца Абдулаев Ахьмадца а, Самигуллин Камилца а, Межиев Салахьца а, кхечаьрца а.
Радикализмний, экстремизмний меттиг бац исламехь, элира гулбеллачаьрга СаIудин элано. Муфтеш къера хилира бусалбанаш кхетош-кхиош хила безарца. Гулбеллачара бартбира оцу балха тIехь юкъарло латтон, яздо «Интерфаксо».