ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнера деза герзаш оьцуш ю Эр-Рияд


Ракетийн С-400, танкашна дуьхьалоен "Корнет-ЭМ", ТОС-IА ракетийн системаш а, гранаташ кхуьйсу АГС-30 герз а, Калашниковн маса тоьпаш а СаIудийн Iаравина йохка сацамбина Оьрсийчоьно, хаамбина Федералан тIеман техникан юкъарлонийн урхалло ТАСС агенталле.

Хьалхо хаам баьржинера, СаIудийн эланна Салмана бен Iабдель Iазиз Ал СаIудна Оьрсийчоьна арахоьцу ракетийн С-400 система тайна, аьлла.

Бутт хьалха Туркойчоьно а бартбира Оьрсийчоьнера С-400 системаш эца. "Акшам" газетна интервью луш, оршоьтадийнахь туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавошоглу Мевлюта дIахьедина, шен махко С-400 системаш ца эца а мега, нагахь санна и герз юкъахь кечдарх долийна къамел пайда а боцуш дерзахь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG