ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаннаш йогу хIирийн лаьмнашкахь


ШолгIа де ду Къилбаседа ХIирийчуьрчу ЦIейн чIажахь яьлла цIе дIа ца яйало. Алагиран кIоштахь йогу иза оршоьтан буса дехьаяьлла Садонерчу хьаннашка.

ЦIаро лаьцна 6,8 гектар хьун. Иза яйа араваьлла 100 сов говзанча, 20 сов цIейойъу машен.

Къилбаседа ХIирийчоьнан Iаламан а, экологин а министро Мамиев Чермена дийцарехь, хало йийриг ду йогу хьаннаш чIажашкахь а, лаьмнийн баххьашкахь а хилар.

ЦIеяларан бахьана дузу ломарчу Хукали юьртанна гергахь тоькан серий хедарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG