ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу дзюдон турнирехь тоьлларш массо а бу нохчий


Чехерчу, Германерчу, Словакерчу, Полшерчу, меттигерчу спортхоша дакъа а лоцуш, кIирандийнахь Австрерчу Баденехь дIаяьхьначу дзюдон турнирехь хьалхара кхо меттиг баьккхинарг хIора а ву нохчо.

Хьалхара меттиг баьккхина 9 шо долчу Музаев Халида. Венехь веха и кIант шен 6 шо долуш волавелла дзюдо латар Iамо (тренеро Музаев Мохьмад).

Кхушара кхаа турнирехь толлам баьккхина Халида. Кхул хьалха цкъа хьалхарий, цкъа шолагIий меттигаш баьхнера цо хIара санначу къийсамашкахь.

Турнирехь шолгIа меттиг яккхинарг ву Агаев Рамзан, кхозлагIниг кхаьчна Шабуев Юсупна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG