ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь нах а байина, ведда лелла Худяков Евгений лаьцна


Кхо маьрша нохчо верна бехке а вина, 17 шарахь шена набахти такха кхачийча ведда Оьрсийчоьнан эскарехь эпсар лелла Худяков Евгений лаьцна, хаам бина Къилба-Седа гонан тIеман кхелан пресс-гIоьнчас Катькайло Аленас.

«Иза ши бутт хьалха лаьцна Владимир гIалина гергахь. Ростов вигина, цигахь цунна бовзийтина кхелан сацам. Набахти цо стенгахь токхур ю тхуна цкъачунна хаийтина дац», - аьлла «Медиазонига» Катькайлос.

Худяковна а, эпсарна Аракчеев Сергейна а 2003-чу шарахь Соьлж-ГIалахь Юнусов Шемалан машен а сацийна а, иза а, цуьнца кхин а ши нохчо а верна 10 шо хьалха 17,15 шераш хенаш туьйхира кхело. Амма Худяков, шен кхеле а ца вогIуш, къайлавелира Iедалх хIеттехь.

Х1инца Худяковс токхур ю шена тоьхна хан. Ткъа Аракчеев кхушеран Iай набахтера хеназа мукъаваьккхина кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG