ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан некъан инспекци елла Кадыровн йишин воIе Черхигов Идрисе


Черхигов
Черхигов

Черхигов Идрис, Кадыров Рамзанан йишин воI, Нохчийчоьнан некъан инспекцин коьрте хIоттийна. ХIинццалц иза вара экономикан, юкъараллин кхерамзаллин кхеташонан урхалланча, патриотикан «Путин» клубан куратор.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин Кадырова Зарганан воI ву Черхигов Идрис. Идрисан да – Черхигов Рамзан – транспортан а, зIенан а министр ву. Ваша – Адам – ву Кадыровн фондах жоп луш. Нана Зарган ю мехкан куьйгалхочун кегийн берийн дешарх жоп луш йолу гIоьнча.

Некъан инспекци Черхигов Идрисал хьалха яра Кадыров Рамзанан бажин Денилханов Шемалан карахь.

Парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен инстаграмехь яздина, Денилханов кхечу балха хIуттуш ву, аьлла. Амма хууш дац цкъачунна цуьнга хIун дарж лур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG