2000-чу шарахь Нохчийчохь тIом боьдучу ухенахь Алдыхь шайн гергара нах Оьрсийчоьнан эскархоша байина аьлла, Еврокхеле арз динчу 20 доьзална 285 эзар евро компенсаци далар тIедожийна. Иштта Оьрсийчоь декхаре ю кхел йоьдучу хенахь йина харж меттахIотто а.
«Медуза» интернет-гIирсо хаамбарехь, 2015-чу шарахь оьрсийн Iедалхоша 12 арздинчунна 1 миллионна тIера 1, 4 миллион соьме кхаччалц гIуда текхнера.
Иштта Еврокхело сацам бина, Оьрсийчоьно кхачо йоллуш теллина цахиларх тIемаш боьлхучу хенахьСоьлжа-ГIалахь динчу зуламийн.
2005-чу шарахь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь федералаша спецопераци дIахьош а вийна 60 маьрша вахархо. Бу царлахь баккхий нах, зударий, бераш.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ