Оьрсийчоьнан президентан цIарах адамийн бакъонашларъечу Москалькова Татьянас дIахьедо, «Новая газетано» Нохчийчохь кхел йоцуш Iедалша вийна лору ши жимстаг нуьцкъаша вийна цахиларх.
"Беллачийн гергарчара тхоьга дийцарехь цхьана а кепара шеконаш ца юьсу тхан, уьш байина бу бохучух", – аьлла Москальковас.
Байначу баттахь Нохчийчохь хилира омбудсмен. "Новая газхетан" журналисташа Кадыровн Iедало кхел йоцуш нах байина аьлла яржийна информаци таллархьама яханера ша элира Москальковас.