ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Север" полкан командир даржах вохийна


Шен куьйгакIеларчу эскархошкара нуьцкъала ахчанаш дахарна мукъаваьккхина Нохчийчонан «Север» полкан командир Абдулкадыров Рахьман, дийцина «Кавказ,Реалиига» чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллерчу хьостано. Иштта дийцинчо бахарехь, "кадыровгIара" етта а йиттина цунна.

Масех эскархочо социалан машанашкахула мехкан куьйгалхочуьнга аьрзнаш кхехьийтинчул тIаьхьа вохийна Абдулкадыров даржах.

Бинчу талламо гайтина хIора баттахь шен эскархошкара хьаькамо ахчанаш охьадохкуьйтуш хиллийла.

«Бурый» аьллачу цIарца дика вевза «Север» полкан хьалханча Абдулкадыров Рахьман 2015-чу шарахь дуьйна вара иза полкан куьйгалла деш.

Кадыровн тобанехь ву иза 2000-чу шерашкахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG