ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь Нохчийчуьра а, Дагестанера а бераш карийна


Нохчийчуьра орамаш долу кхо ваша карийна Иракъерчу Талл-Афар гIалахь, ткъа ши шо кхаьчна Дагестанера кIант Мосулехь гучуваьлла, хаамбо Рейтерс агенталло. Карадаьхкина бераш Нохчийчуьра а, Дагестанера а ду, амма церан гергарчу нахаца зIе таса аьтто хилла бац яздо агенталло.

Вежарийн Iабдуллин, Хьмзатан, Iабдул-Маликан дейиша ю Нохчийчохь ехаш, ткъа ши шо долчу Заидан а бу гергара нах Дагестанехь аьлла, бераш карийначу хIусамехь церан Iуналла динчу 16 шо долчу Iайшта.

«ЦIен жIаран» белхахошкара хиина цунна и информаци.

Нохчийчуьрчу а. Дагестанерчу а Iедалша цкъачунна йина яц оцу берийн хьокъехь комментареш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG