ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Франкфуртехь жайнийн ярмаркехь юьйцур ю Оьрсийчуьрчу маршонех


Франкфуртера ярмарка,2016шо.
Суьртан автор Азимова Силаха
Франкфуртера ярмарка,2016шо. Суьртан автор Азимова Силаха

Кху шарахьлера книгийн ярмарка йолаелла Франкфуртехь кхаарин дийнахь. Кху шарахь 69-гIа дIахьош ю иза.

Дуьххьара 500 шо сов хьалха дуьххьара зорбатуху гIирс кхоьллина волчу немцойн Iилманча а, зорбанча а Гуттенберг Йоханс долийна ларалуш ду Германерчу Франкфурт гIалахь книгийн ярмарка дIаяхьар. Иза ша гена йоцуш Iуьллучу Майнц гIалахь вина а, вехаш а хилла.

ХIора шарахь 100 сов пачхьалкхара ах миллион герга стаг кхочу дуьненчохь уггаре а боккхачу яздархойн а, зорбанийн а, журналистийн а, ешархойн а гуламе. Даханчу шарахь рекорде 10 эзар журналист гулвеллера и хилам бийцаре бан.

ХIора шарахь Франкфуртерчу книгийн ярмаркехь цхьа пачхьалкхе хуьлу, сийдолу хьаша санна язйеш. Кху шарахь Францина кхаьчна и сий – францхойн тоьллачех яздархой хир бу шайн йозанаш доьшуш а, ешархошца цхьаьнакхетарш дIахьош а.

Оьрсийчоь а хир ю ярмаркехь йийцаре еш. „Гибридан бакъдерш. Муха ду Оьрсийчохь дешан а, исбаьхьаллин а маршонан хьал?“ цIе йолчу подиуман цхьаьнакхетарехь йийцаре йийр ю Кремлна гергарчу хаамийн гIирсаша а, оьрсийн пачхьалкхан телевизионо а объективе информаци яржорна метта пропагандица бахархой ир-кара хIиттор а, аьшпаш а, юкъараллехь гамо а яржор а.

Оьрсийчоьнан литература кху шарахь „Еша Оьрсийчоь!“ цIе йолчу стендехь гойтуш хир ю културан министр Мединский Владимир коьртехь волчу делегацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG