ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Компенсацино байинарш, белларш юхабалор бац


Russia -- devastated centre of Grozny January 4, 1995.
Russia -- devastated centre of Grozny January 4, 1995.

Нохчийчоьнах хьакхалуш болу рогIера сацам тIеэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Оьрсийчоь юха а бехке лерина, 2000-чу шарахь Алды эвлахь эскархоша а, милцоша а дIаяхьначу леринчу операцехь бехк боцуш нах байар а, нехан хIусамаш ягор а, талла а ца толлуш, бехкенаш жоьпе уозийна бац аьлла.

Оцу бахьанца зен хиллачу 20 чуьра нах байинчарна а, лазийначарна а 300 эзар ца кхоччуш евро гIуда такхар тIедожийна Оьрсийчоьнна.

ХIара кхозлогIа сацам бу Европерчу кхело Алдыхь хиллачу бохаман хьокъехь беш болу.

Кхиъ дуккха а сацамаш бахь а, шайна байина нах цIа а берзош, бехкечарна таIзар дийр ду аьлла ца хета шена боху, цуьнах йистхуьлуш Алды-эвлара яхархочо Ханиева Яхита.

Ханиева: "ГIийла мисканаш бу байинарш. Сан марваша а, шича а вийра. ХIун сацам хуьлу иза? Миллион делла хIокху стагна. Цуьнах 100 эзар сом адвокатна делла. Мел долу хIума дагийна, тIе танкаш а хоьхкуш, доллу хIума хIаллакх дича, хIун сацам хуьлу цуьнах? Цхьана а кепара Iедал болх беш дац. Иштта Iаш ду-кх тхо".

Алдыхь хиллачу бохаман хьокъехь Европерачу адамийн бакъонашкахула кхело 5 гIуллакхах сацам бинера. ХIетахь нахана моьттура, баккъала а нийсо йийр ю аьлла. Амма Iедалан цIарах оцу юьрта чу а бахана, бехк боцуш адамаш дайина а, дагийнарш цхьа а жоьпе озийна вац элира «Мемориалан» юриста Гандаров Iийсас.

Иза ву дуьххьара и 5 гIуллакх Европан кхеле хьажийнарг.

Гандаров: "2007-чу шарахь Европерчу кхело дуьххьара сацам бинера 5 гIуллакхах. Нахана чIогIа хазахеттера. Моьттура, зулам динарш жоьпе озор бу аьлла. Амма нахана ахча а делла, кхин хIума ца дира. Церан сатийсам бу цхьа дикачу агIор сацам хир бу аьлла. 3-гIа сацам ма бу хIара".

Алды йоцург а, кхи а иттанашкахь ю ярташ, федералан эскарийн карах маьрша нах байина. Ткъа, жоьпе озийнарш бу цхьана куьйга тIера пIелгашца багарбаллал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG