ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьйга бомбанаш ян Iамон сайташ дIачIагIийта дагахь ю Нохчийчуьра прокуратура


Нохчийчуьрча прокуратура суьдехула дIачIагIа дагахь ю куьйга бомбанаш ян Iамош йолу сайташ. Оьшуш долу кехаташ кечдинарг ву республикан прокуроран когаметта Хабаров Николай.

Интернетехь мониторинг еш прокуратуран а, полицин а белхахошна карийна цIахь бомбанаш яр Iамош йолу масийтта сайт. Прокуратурана хетарехь, цу гIуллакхо гIо до кегийрхошна юкъахь терроризмана пропаганда ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG