ММА-н кхеташоно дехар дина дехкарш доцуш бераш летийтар сацаде аьлла. Гезгмашин-беттан 29-чу дийнахь дуьйна ГIадужу-беттан 1-чу дийне кхаччалц Люберцы гIалахь хилира "Оьрсийчоьнан ММА-н чемпионат" цIе йолу турнир.
Цу къовсадаларшкахь дакъалоцуш дара 6 шо кхаьчна бераш. Амма, ММА низамашца а догIуш, кхиазхочун ринге вала бакъо ло 12 кхаьчначул тIаьхьа.
Хилларг бахьана долуш, Оьрсийчуьрчу ММА-н кхеташонан президенто Емельяненко Федора дехар дина прокуратуре, Люберцера турнир бакъонца дIаяьхьна хилар талла аьлла.
2016-чу шарахь ГIадужу-баттахь Соьлж-ГIалахь хилира Grand Prix Akhmat-2016 олу турнир. Баккхийчаьрца цхьаьна цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхо кIант. Цу хенахь Емельяненкос шен Instagram-хь, леташ долчу берийн сурт а хIоттийна, критика йинера цара цу цу къовсадаларшкахь дакъалацарна.