ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох маньяк лаца арабевлла нохчий


Москох вуно воy цIе йоккхуш ю Битцевски парк. Цигахь зуламаш деш вара 49 стаг вийна маньяк Пичушкин Александр. ХIинца юха а бахархоша кхерамца йийца яьккхина и меттиг.

ТIаьхьарчу хенахь цу паркехь карийна вийначу стеган корта а, вуно эрча даьккхина зудчун дакъа а,тоьрмиг чохь ши ког а.

И бахьана долуш, Пичушкин тIаьхьалонча ваьлла цигахь аьлла, вуно синтем байна бу цу кIоштара бахархой.

Ткъа хIинца стаг лаца арабевлла Москох беха нохчийн кегийрхой. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нохчийн кегийрхойн барт цIе йолчу цхьаьнакхетараллан куьйгалхочо Тапаев Рустама, хаам бо screen-ad.ru сайто.

Цо дийцарехь, нохчаша накъосталла дийр ду полицина, нехан кхерамазалла ларйеш паркехь ха дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG