ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу республикаша федералан бюджете тоьках дIадала дезачу ахчан барам бу 22,8 миллиард сов сом, хаам бо ИА REGNUM агенталло. Уггаре доккха декхар тIехь ду Нохчийчоьнна а, Дагестанна а, ГIалгIайчоьнна а, Къилбаседа ХIирийчоьнна а.

Ша аьлча Нохчийчоь тоьках дIадала дезаш ю Оьрсийчоьнан бюджете 9,1 млрд сом. Дагестан - 7 млрд сом. ГIалгIайчоьнан тоьках долу декхар ду 2,7 млрд сом, Къилбаседа ХIирийчоь декхарелахь а 2,25 млрд соьмана.

XS
SM
MD
LG