ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каталони дIакъастарна дуьхьал ву Еврокомиссин куьйгалхо Юнкер


Еврокомиссин гIантда Юнкер Жан-Клод.
Еврокомиссин гIантда Юнкер Жан-Клод.

Каталони Испенех дIакъастахь Европерчу кхечу пачхьалкхашкарчу регионашна а луур ду изза дан аьлла, дIахьедар дина Еврокомиссин гIантдас Юнкер Жан-Клода.

«Суна луур дацара кхин 15 шо даьлча Евробарт 90 гергга пачхьалкхах лаьтташ хилийта», - аьлла Юнкера пIераскандийнахь Люксембургерчу университетехь вистхуьлуш. Цунна хетарехь, цу тайпачу Евробертана урхалла дан вуно хала хир дара.

Каталони йозуш йоцуш хиларх лаьцна референдум хилла цу автономехь ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. Кхаж тесначех 90 процент нах реза хилла и регион Испанех дIакъастарна.

Мадридо дIахьедар дина, референдум яр нийса дацара аьлла. Изза хеташ ю Еврокомисси а. Каталони Испанех цхьана шен лаамца дIакъастарна дуьхьал шаьш хилар хаийтина Францино а, Германино а, Италино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG