ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу турпалхойн хьуьнар билгалдаьккхина Страсбургехь


Страсбургехь украинхошна хIоттийна хIоллам гучубоккхуш дакъалецира Украинан президенто Порошенко Петрос.
Страсбургехь украинхошна хIоттийна хIоллам гучубоккхуш дакъалецира Украинан президенто Порошенко Петрос.

Украинехь дIадахначу шерашкахь хилла Iедал хийцинчу гIаттаман турпалхойн хьуьнар билгалдаьккхина Францин Страсбургехь. Де Голан а, Черчиллан а, Колан а иштта кхиболчу а бевзаш болчу нехан цIерш тIехь йолчу седарчашна юкъахь хIинца Украинан гIаттаман "Стиглара БIо" цIе йолчу турпалхошна хIоттийна седа а хир бу.

Кху деношкахь Страсбургехь украинхошна хIоттийна хIоллам гучубоккхуш цига веанера Украинан президент Порошенко Петро.

Евробартера Украинан векало Дмитрий Кулебас дIахьедар дина, и хIоллам шайн мохк а, шаьш а дикачу агIор хийцинчу неха безамна хIоттийна бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG