ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Исламан пачхьалкхан» тIемалоша юьтур ю Ракка тахана сарахь


Шема -- Раккера арабевлла маьрша бахархой гулбелла маьждигехь, ГIад.12, 2017
Шема -- Раккера арабевлла маьрша бахархой гулбелла маьждигехь, ГIад.12, 2017

«Исламан пачхьлакх» (ДАIИШ) тобан тIемалой арабовла дагахь бу гоне лаьцначу Ракка (Raqqa) гIалара тахана, ГIадужу-беттан 15-чу сарахь. Цу хьокъехь барт хилла ДАIИШ-ан векалийн а, Шеман демократин оппозицин ницкъийн а. Цунах лаьцна хаам бина Reuters.

Цу агенталло дийцарехь, Раккехь буьсуш бу кхечу пачхьалкхашкара тIемалой. Шотдийнахь хаамаш баьржира президентан Асад Башарна муьтIахь долчу эскарша «Исламан пачхьалкхера» схьаяьккхина къилба-малхбалехь Иракъан дозанца Iуьллу Эл-Маядин гIала аьлла.

2014-чу шарахь дуьйна Шемарчу «Исламан пачхьалкх» тобан тIемалошца къийсам дIохьош ю Iамерка коьртехь йолу дуьненаюькъара коалици.

Шеман къилбаседехь Iуьллу Ракка ДАIИШ-ан коьрта гIала ларалуш ю. Маршо Радионо шен эфирехь дийцина ма хиллара, цу гIалахь вийра "Исламан пачхьалкхан" тIемалоша Нохчийчуьра Хасиев Мохьмад, ФСБ-н агент хилла аьлла. ТIемалоша яьккхинчу видео тIехь Евфратан йистонца урс хьакха горатоьхна латтавечо стага элира Хасиев Мохьмад ву.

Видео тIехь шех лоций дуьйцуьйту цуьнга. Оьрсий ву. Iели-Юьртарчу боберийн лицейхь хьалакхиина, цигахь дешна, тIаккха НогIамирзин-Юьртарчу Хасиева Мархас шена дIа а вигина, цуьнан воI хилла ваьхна...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG