ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу "Вагнер" тIеман компанин 9 декъашхо вийна Шемахь


"Вагнерх" лаьцна Conflict Intelligence Team (CIT) тобано бинчу хааман иллюстраци.

Кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Шемарчу тIемашкахь вийна «Вагнер» Оьрсийчуьрчу тIеман компанин лаххара а 9 контрактхо. Цунах лаьцна хаам бина оршотдийнахь Conflict Intelligence Team (CIT) цIе йолчу йозуш йоцучу талламхойн тобано.

Байинчарна юкъахь ву Троицк гIалара Беляев Виталий, Казанера Нуруллин Азат, Пермера Гладышев Алексей, Волжскера (Волгоградан кIошт) Ильчевский Иван, Лахарчу Новгородера Крижановский Игорь, Савелий Ухов, Ярошевич Алексей. Кхин масийтта «Вагнеран» декъашхочун цIераш муха ю ца хиина.

Conflict Intelligence Team тобано дийцарехь, Шема кхачале цу нахах дукхахберш дакъалоцуш хилла Украинин малхбалехь хиллачу тIемашкахь.

Зорбанан гIирсаша дийцарехь, «Вагнер» цIе лелон тоба кхоьллина 2014-чу шарахь. Цунна Iуналла деш ю Оьрсийчоьнан армин Коьрта талламан урхалла (ГРУ). Цу компанехь тIом бечу нахана орденш а, мидалш а ло Оьрсийчоьнан президентан указашца.

"Вагнер" цIе лелориг 46 шо долу Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дина подполковник Уткин Дмитрий ву.

Цуьнан тIемалой бу тIаьхьарчу хенахь Шемахь а, Украинин малхбалехь а тIемаш беш. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, цуьнан тоба хаьшташ кхочуш деш ю Оьрсийчоьнан президентан Путинан уллера доттагI волчу бизнесхочун Пригожин Евгенин.

Шемахь тIом беш бу «Вагнеран» ахчанах гIуллакх деш болу декъашхой 2015-чу шарахь дуьйна.

XS
SM
MD
LG