ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шайн вешин йоI ен гIоьртина Кадыровн цIарахчу полкера ши стаг (видео)


Нохчийчуьрчу ТарамовгIеран (ТазуркаевгIеран) зударша социалан машанашкахь видео яржийна шайн гергара нах кхерамаш туьйсуш шайн чулелхаш яьккхина йолу. Цу тIехь дуьйцуш ду республикерчу Кадыровн цIарахчу полкехь гIуллакх деш болу эскархой баьхкина шайга бохуш. Куьзган неIарш а, кораш а кегдеш божарий чулилхинчул тIаьхьа хедаш ю видео.

Дийцарехь, уьш дIайига гIерташ хилла Шема яха дагахь хилла аьлла шайна хеташ йолу цу хIусамера йоI.

Иза дIайига баьхкинчу нахана хьалхабевлла цу йоIан девежарий -- Котар-юьртара ТазуркаевгIар Адам а, Якъуб а. И ши стаг цхьана хенахь къайлах лелачу тIемалойн тобан декъашхо хилла ву, хIинца кхечу агIонна гIуллакх деш велахь а, яздо Кавказ.Реалии портало.

Болчу хаамца, 2004-чу шарахь леррина операци дIахьош ТазуркаевгIар Якъуб (1980), Адам(1983) лаьцнера Iедалша. Регнум агенталло иштта яздира цунах лаьцна: "Низамаш лардечу органашкахь болчу хаамашца, лецна тIемалой дакъалоцуш хилла республикехь йинчу дуккха а теракташкахь. Бандиташ чубоьхкина талламан изоляторна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG