ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарахь хIусамаш йина Нохчийчуьрчу мухIажирашна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

900 петар йина ГIалгIайчуьрчу Несарахь Нохчийчуьрчу мухIажирашна а, ткъа иштта кхерамечу хIусамашкахь бехачу бахархошна а хьажийна, хаам бо «Интерфаксо». Керла гIишлойн комплекс схьайоьллур йолур ю 2017-чу шеран Лахьан-бутт чекхболуш.

Нохчийчьрчу мухIажирашна лур ю 773 петар, ткъа кхерамечу хIусамашкара дехьа бохучу доьзалшна хьажийна ю – 127.

«Интерфаксан» хьастоно дийцарехь, Нохчийчуьрчу мухIажирашна лур йолу хIусамаш йина «2010-2016 шерашкахь ГIагIайн Республика социала-экономикан кхиаран» Федералан леррина программа кхочуш еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG