ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан пропаганда яржийначу нохчочун хан тоьхна Австрехь


Австри -- Австрин полицин лерринчу тобан эпсарш. 2017.
Австри -- Австрин полицин лерринчу тобан эпсарш. 2017.

Ши шой, ах шой хан тоьхна Австрерчу Санкт-Пелтен гIаларчу кхело ДАIИШ-ан байракх тIехь йолу сурт шен Фейсбукерчу агIонна тIехь даржийначу жимчу стагана. Цунна иштта бехке дуьллуш дара, YouTube сайта тIехь

ДАIИШ-ан пропаганда яржон видеошка хьежар а, уььш шен компьютер тIехь латтор а.

Цул сов, кхелахочо чIагIдарехь, 22 шо долу нохчо даханчу 2016-чу шарахь шена бевзачу кегирхошна юккъехь Шема ДАIИШ-ах дIакхета накъостий лохуш а, цига дахьа герз карон меттигаш толлуш а хилла. Цунах лаьцна тоьшалла динера Iедалхошка лаьцнаверг шена а Шема вахар марздан гIертар вара аьлла айкхалла динчу цхьана кхечу жимчу стаго.

Кхеле озийнарг, цунна Iуналла деш хиллачу психиатро динчу тоьщаллийца, коьртана мелла а галваьлла ву, иза шина декъе кхетам бекъабаларан сиркхо йолуш ву шеца. И бахьана долуш ша лелочуьнан а, дуьйцучуьнан а жоьпалла боллучу барамехь хууш вац иза.

ХIетте а цуьнан дов хоттуш хилла кхо кхелахо тешна вара, жимстаг „вуно чIогIа ша лелийначух кхеташ ву“ аьлла. „Австрехь ДАIИШ-ан пропаганда яржор, кегирхойх юккъехь ДАIИШ-ан агIончаш бан гIертар иза даьржина далале сацон дезаш ду“, - элира процесс дIахьочу коьрта кхелахочо.

Ша бехкевечо ша ДАIИШ-ан пропаганда яржош хилар дацаре дира. Фейсбукехь ша террорхойн сурт даржор цо Iовдалалла яра аьлла мукIарло дира, ткъа ДАIИШ-хойн видеошка ша сагатдала хьийжира элира цо.

Хьалха а цхьацца талорш лелорна лаьцна, чувоьллина хилла волчу жимчу стаго ша хенал хьалха набахтера аравалийтарх зенечу агIор пайдаэцар тидаме а эцна, цунна хIинцалца схьа арахь яккха тоьхна хилла хан юхаяьккхтира кхело. Амма и кIант, цуьнан адвокато ма-аллара, „ша хIун лелдо хаа хьекъал долуш ца хилар тидаме а эцна, хан мелла а кIеззиг тоха сацам бина шаьш аьлла дIахьедар дира кхелахоша.

Лахарчу Австрин кхелан векалша Маршо Радиога бинчу хаамца, цунна тоьхна йолу хан, цкъа цо цунна дуьхьал латкъам бо я ца бо хьажжалца, нуьцкъале ца яьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG