ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьайолчу школашкара бераш мехаза цирке хьовсийтина Нохчийчохь


Цирк. Маршо Радион архивера сурт.
Цирк. Маршо Радион архивера сурт.

Масийтта кIоштара дешархой мехаза цирке хьовсийтина Соьлжа-гIалахь. Дай-наноша дийцарехь, некъана бен кхин харж ца яьлла церан бераш самукъадаккха дохуьйтуш.

Цирке дуьгучу берашкара 600 соьме кхаччалц ахчанаш доху аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане латкъам бинера Нохчийчохь цхьана зудчо.

"Харцдерг" Iорадаьккха гIоьртина аьлла тIеIаткъам бира цунна Iедалхоша, иза телехьожийлехь а гойтуш, харц лийна хилар даре а дойтуш, дохко яьлла хилар а дуьйцуьтуш.

Амма цирке дигинчу берийн дай-наношна хетарехь, цу зудчо хааме даьккхинарг мелла а санехь дирзина Нохчийчуьрчу школашкахь доьшучу берашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG