ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIайирзина Эсамбаевн цIарах фестиваль


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Гоьваллачу хелхархочун Эсамбаев Махьмудан цIарах уьссалгIа дуьненаюкъара фестиваль-къовсам дIабирзина Соьлж-ГIалахь, хаам бо grozny-inform агенталло. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана коьрта совгIат делла Казахстанерчу хелхархочун Карыкбол Ернуруна.

Тоьлла хелхар дарна совгIат делла Нохчийчуьрчу Байсарова Маретана. Шимма дечу хелхаран къовсадаларехь толам баьккхина Висингириева Имана а, Шахбиев Лом-Iелас а. Толам баьккхинчарна юкъахь ю Курскера «Соловьиный край России» хелхаран тоба.

Фестиваль дIахьош яра «Вайнах» концертан хIусамехь. Кхушарахь цу къовсадаларехь дакъалоцуш бара 8 пачхьалкхара а, Оьрсийчьнан 23 регионера векалш (верриг а 130 декъашхо).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG