ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВЦИОМ: Собчак евзаш бу лаххара а 95 процент Оьрсийчуьра бахархой


Собчак Ксения.
Собчак Ксения.

Журналисто Собчак Ксенияс ша президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ю аьлла шолгIачу дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалша Iуналла дечу юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) зорбане яьккхина дIадаханчу шерашкахь шаьш таллам бича иза нахана евзаш хилар гойту рейтинг, хаам бо newsru.com сайто.

Гучудаьлларг ду иза берриг а аьлча санна Оьрсийчуьрчу нахана евзаш хилар а, царах дукхах болчара иза вочу агIор тIеоьцуш хилар а.

2015-чу шарахь бинчу талламо гайтарехь, Собчакан цIе евзаш хилла 95 процент респонденташ. Царах 72 проценто хаам бина, шайна иза дика евза аьлла. Кхин а 23 проценто жоп делла Собчаках цхьа кIеззиг хIума хезна шайна аьлла.

2012-чу шарахь бинчу талламехь Собчак евза шайна аьллачу нехан терахь хилла 92 процент. Цу кепара гуш ду рогIерчу президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь йолу Собчак евзаш болу нах Оьрсийчохь алсамбевлла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG