Нохчийн Республикан Iедалша леррина жоп дехар хьажийна "Роснедра" олучу маьIданех пайда эцарехула йолчу федералан агенталле, республикан территори тIехь долчу маьIданех лаьцначу кехатийн копеш яийта шайна аьлла. Цунах лаьцна хаам бина еариндийнахь ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан Iедалан гIантден когаметтана Байтазиев Муслимана тIе а тевжаш. И дехар даран бахьана ду тIемаш боьлхуш и документаш Нохчийчохь дайна хилар.
Байтазиевс дийцарехь, республикан территори тIехь долу маьIданаш теллира тIаьххьара 1958-чу шарахь.
Цул сов, геологин белхаш дIабахьа ахча дехна Нохчийчоьно федералан центре. Байтазиевс дийцарехь, Нохчийчоьнан 80% территори теллина яц. Иза дан дуккха а ахча дезар ду республикана.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!