Нохчийчохь къинхьегаман министр хилла Ахмадов Мохьмад балхара дIаваьккхина хилла, финансашца доьзна хаттарш бахьана долуш, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Ахмадов даржах вохийнера ГIадужу-бутт болалуш. Кху беттан 10-чу дийнахь хаам гучубелира, Кадыров Рамзана керла къинхьегаман министр хIоттийна Баширов Iусман аьлла.
И хаам беш хьаха ца вира цу даржехь хилла Ахмадов. Амма Кавказ.Реалиино дийцарехь, Ахмадов дIаса ца волуш шен цIахь Шелахь вехаш ву.
Иза жигара хаамаш дIасабаржош ву Кадыров Рамзана инстаграмехь буьтуш болу.