ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн бизнесхо, Европехь а дош лелаш ву бохуш вуьйцуш волу Гастамиров Хьамзат а (Шайх Хьамзат а олу цунах), цуьнан накъостий а маьрша баьхна Нидерландийн (ХIолландин) кхело, 3,6 миллион доллар ахча закъалтана а эцна. Цунах лаьцна хаам бина Sputnik Азербайджан, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Зорбанан гIирсаш яздо, криминалан гонашкахь вевзаш волу Гастамиров бехке веш вара харц паспорт а, герз а лелорна бохуш. Гастамиров а, цуьнца кхин а 13 стаг а, шайна юкъахь цуьнан 8 гIаролхо а волуш, лецира ХIолландин коьртачу меттиган Амстердамерчу аэропортана гергахь. Цу хенахь цуьнгахь хиллера Болгарин вахархочун Стойков Петран паспорт а, тапча а, банкийн картанаш а.

Болчу хаамашца, ша маьрша ваьккхинчул тIаьхьа Гастамиров дIавахана Германе.

XS
SM
MD
LG