ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшехь болх бан доладелла Советан заманан хIолламаш дIабахарх лаьцна низам


Полша - Советан пачхьалкхан эскархочун хIоттийна хIоллам, Варшава, Марс.8, 2017
Полша - Советан пачхьалкхан эскархочун хIоттийна хIоллам, Варшава, Марс.8, 2017

ГIадужу-беттан 21-чу дийнахь Полшехь болх бан доладелла «декоммунизаци» олу Советан заманахь хIиттийна хIолламаш дIабарх лаьцна низам. Цу низамца а догIуш, Полшин территорина тIера дIайохур ю бIаьннаш мемориалаш а, хIолламаш а, мемориалан аннаш а, гIишлош а, хаам бо ТАСС агенталло. И гIуллакх дIадерзо дезаш ду Iедалша 12 баттахь.

Кхушеран аьхка Полшин президенто Дуда Анджейс цхьацца хийцамаш бира цу низамна тIехь. Низам хаьакхалур дац ЦIечу Армин эскархой дIабоьхкинчу кешнех.

Оьрсийчоь реза яц Полшехь тIеэцначу низамна. Хьалхо цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло кхерам теснера Полшина, шаьш и гIуллкх иштта дуьтур дац, "ассиметрин" гIулчаш йохуш ю шаьш цу пачхьалкхана дуьхьал аьлла.

XS
SM
MD
LG