ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн помидораш йохка магор ю Оьрсийчохь Лахьан-баттахь дуьйна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьно Лахьан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна бакъо луш ю шайн махкахь Туркойчуьра помидораш а, цунах дина сурсаташ а дохка, хаам бо ТАСС.

И дIахьеар дина Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а махбаран а, экономкан а юкъаметтигаш латторехула йолчу комиссин декъашхочо, Оьрсийчоьнан энергетикан министро Новак Александара.

Туркойн экономикан министро къобул барца тIеэцна и сацам.

Оьрсийчоьно дихкинера Туркойчуьра цхьамогIа юьртбахаман сурсаташ дохкар 2016-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна, туркойн тIеман кемано 2015-чу шеран Лахьан-баттахь шайн Су-24 олу тIеман кема чудаийтинчул тIаьхьа.

Карарчу хенахь дерриг а дехкарш дIадаьхна, туркойн помидораш йохкар доцург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG