ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIабалийнчу зудашна некъ гайтина набахтехь кIелхьарбовла


Нохчийчуьра Лаккхара кхел, Архивера сурт.
Нохчийчуьра Лаккхара кхел, Архивера сурт.

Шемара Соьлж-ГIала цIабалийна зударий декхарелахь бина Iедалша, бехке хиларна къера а хилла, геч дар доьхуш низамаш лардечу органашна тIебаха.

Оцу гIуллакхо аьтто бийр бу цера бехктакхаман гIуллакх схьаделларх кIелхьарбовла, хаам бина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхалло. Иза ца дахь Шемара цIаялийна 7 зуда бехке йийр ю бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла хиларна.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Соьлж-ГIала Шемара цIадалийна 14 бер а, 7 зуда а. Шема и зударий кхаьчна хилла ”Исламан пачхьалкх” олучу тобанах дIакхеттачу шайн хIусамдайшна тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG