ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Гуьржийн сатийсам” партино толам баьккхина Гуьржийчуьрчу меттигерчу Iедалан харжамашкахь


Гуьржийчоь -- Тбилисин мэр хаьржина Италерчу “Милан” футболан тобанехь левзина волу Гуьржийчоьнан энергетикан министр хилла Каладзе Кахи.
Гуьржийчоь -- Тбилисин мэр хаьржина Италерчу “Милан” футболан тобанехь левзина волу Гуьржийчоьнан энергетикан министр хилла Каладзе Кахи.

“Гуьржийн сатийсам” партино толам баьккхина меттигерчу Iедалан харжамашкахь. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, харжамийн коьртачу комиссоно дагардинчу кхаьжнашца, ерриг а Гуьржийчохь толам баьккхина карарчу Iедалехь йолчу миллиардеран Иванишвили Бидзинин партино.

Оппозицин аьтто ца баьлла цу партина конкуренци хIотто.

Гуьржийчохь ерриг схьайиллина яра 3644 харжамийн куп, царах 10 чубоьхкина нах латточу меттигашкахь.

Хармашкахь дакъалоцуш бара 22 партин, пхеа харжамийн блокан а, цхьана инициативан тобан а векалш. Тбилисин мэран дарж къовсуш вара 13 кандидат. Йисинчу 63 гIалахь а, муниципалитетехь а мэран дарж дIалаца дагахь вара 369 кандидат.

Харжамашкахь кхаж таса бакъо йолуш вара Гуьржийчоьнан 3,4 миллион вахархо.

Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, Тбилисин мэр хаьржина “Милан” Италин футболан тобанехь левзина волу Гуьржийчоьнан энергетикан министр хилла Каладзе Кахи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG