ТIекхочийла долу линкаш

КIиран буса Парижерчу мухIажирийн куп лаьттачу Монтегюхь вовшахлетта нохчийн кегийрхой а, Iарбой а, хаамбо Маршо Радион Парижерчу хьосташа. Иштта ватс апехула Парижехь бехачу вайнахе бина кхайкхам бара дIасакхоьхьуьйтуш, тIегулбалар доьхуш, Iарбошца дов листа.

Цкъачунна гучудаьлла бахьана ду, мухIажирийн хIусаман лакхарчу гIат тIе цхьацца хIуманаш хьалайоху нохчийн ши кIант шайга хьаьжча, девне бевлла хилар Iарбой. Цхьана агIонан верси ишта ю, Маршо Радион аьтто ца хилла Iарбошка хатта конфликтан бахьана.

МухIажирш дIатарбеллачу хIусам полицино гоне лаьцна талламаш болийнера, бехкеберш лоьцуш.

Бутт хьалха Страсбургехь еерзийра нохчашна а, Iарбошна а юкъахь иккхина конфликт.

XS
SM
MD
LG