ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранчохь кхаа стагна зенаш дина Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь цхьана кIиранчохь герзашца хиллачу конфликташлахь зенаш хилла 4 стагна. Царех цхьаъ вийна, кхаанна чевнаш йина.

Иштта ду «Кавказан узел» агенталло шайн талламашца а, кхечу диллинчу хьостийн информацех пайда а эцна, хIоттийна зераш.

Вийнарг – ГIалгIайчуьра хилар тарлун гIаттамхо ву

Кху беттан 18-чохь Назранан кIоштарчу Яндарехь хаьхкина йогIу машен тIетоьхнера некъан полисхочунна. Кхечу шинна уьрсаца чевнаш ян а кхиира машен лелорийг.

Полисхоша герзаш диттина вийнера машенан долахо. ТIаьхьо билгалдаларца, Карабулакехь веха Мизиев Мохьмад хиллера тIелатар динарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG