ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бутт хьалха яйна йоI карийна Нохчийчохь


47 дийнахь чохь а латтийна, тIеман барзакъ доьхначу наха лачкъийна йигина Соьлж-ГIалара 27 шо долу Мамаева ПетIмат маьрша яьккхина. И хаам бина Маршо Радиога йоьIан гергарчу наха. ХIун бахьанашца, хьан дIалаьцна латтийна йоI, дийца ца лаьа йоьIан нахана.

Гезгамашин-беттан 6 - чу дийнахь шен йоI Мамаева ПетIмат неIаре баьхкинчу герзхоша дIайигина аьлла, иза лохуш гIо доьхуш мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кхайкхам баржийра социалан машанехула цуьнан нанас Яхас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG