ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эскархой байинарг цIарца вуьйцу зорбанашкахь


Ukraine -- Ukrainian border guards take part in a training session at a camp of the State Border Guard Service in Kyiv, June 15, 2015
Ukraine -- Ukrainian border guards take part in a training session at a camp of the State Border Guard Service in Kyiv, June 15, 2015

Нохчийчохь Росгвардин виъ эскархо вийнарг Дагестанерчу Дербентан кIоштара Гаджиев Марат ву. Масийттазза тIеман низамаш дохорна балхара дIавакхха кхайкхийна хилла иза. Оцу бахьанашца бекхам бан араваьллачу эпсаро 4 стаг герз диттина, вийна.

Дуьххьара герз тоьхна Гаджиевс Баныкинна. Герзан гIовгIанна араиккхина лакхара сержант Байгазиев охьавиллина цо шолгIа.

Казарми чуьра араваьллачу зуламхочо рагIу кIе хиина Iачу сержантна Гарачиевна герз тоьхна.

Чевнашца лазартне кхачийна сержант Агамагомедов. Росгвардин эскархойн орца а кхаьчна, дуьхьал герз диттина вийна ша Гаджиев Марат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG