ТIекхочийла долу линкаш

Шелковск кIоштахь Къоман гварди юкъарчу 6791 тIеман декъехь маса топ йиттина эскархо верна бехке лорург ву взводан буьйранча ДегIастанара Гаджиев Марат. И юххера вевзачу, цуьнца юкъаметтигаш лелийначу накъосташа Маршо Радиога дийцарехь, цуьнца харцонаш лелийна оцу тIеман декъан командир ву герзаца юкъаметтиг къастаян и эпсар карзахваьккхинарг.

Цара чIагIдарца, хIусамнана тIеман декъехь дIатарьян таро йоллушехь, чоь ца луш, массо кепара дуьхьалонаш еш, Гаджиевца харцонаш лелош, и лахван гIерташ чекхваьлла и командир. Белхан накъосташа дийцарехь, цуьнан Iалашо хилла оцу командирна тIекхачар, шена гергахь цунна бекхам бар. И сацо гIиртинарш бу цо байинарш.

Оццу накъосташа хадам боллуш билгалдоккху, Гаджиев Марат маларх кхеташ цахилар а, вийначул тIаьхьа, командир бехках хьалхаваккхархьама цуьнан бага къаркъа доьттина хилар а.

XS
SM
MD
LG