ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожийна Собчак Ксенияс


Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь ша дакъалоцуш хилар дIахаийтинчу телевизионан программаш дIахьочу Собчак Ксенияс хьалхара официалехь шен пресс-конференци йолийна. Цо тIедожийна политикан тутмакхаш маьршабахар. Журналиста билгалдоккху, чохь бахкочарна тIехь бен тIеIаткъам луьра а, къиза а хилар цаьргара даьллачуьнца дуьстича.

Иштта баркалла аьлла Собчака хьалхо демократин ницкъашка кхаьжнаш гулдийр долу массо а кандидаташ дIаязбе аьлла кхайкхам бина «Йиллина Оьрсийчоь» кхоьллинчу Ходорковский Михаилна а.

Шен команда йовзуьйтуш, журналиста дIакхайкхийна, харжамаш хилале вовшахтоьхначу штабан куьйгаллехь НТВ кхоьллинчех Малашенко Игорь хирг хиларх. 1996-чу шарахь Ельцин Борисан кампанин куьйгаллехь а вара иза.

Байначу беттан 18-чохь Собчак Ксенияс дIахаийтира ша харжамашкахь дакъалаца лерина хиларх. «Массарна а дуьхьал» а ю ша, Оьрсийчохь хийцамаш хила луучарех а ю аьлла, билгалдаьккхира Собчака.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG