Шен 4 тIеман накъост вийнарг ву Дагестанера вахархо лейтенант Гаджиев Марат.
ЦIеххьана оьгIаз а вахна, герз чохь латточу чуьра маса-топ схьа а эцна, шена дуьхьала мел кхеттачунна иза тIедиттина цо.
МогIарера а, ша санна эпсарш а бу цо байинчарна юкъахь. Оцу чоьнера араваьлча, плац олучу майданехь вийна иза ша. Теш хиллачара бахарехь, иза тIекхача гIерташ хилла батальонан баьччан Курдюков Романна.
Коьрта Iалашо иза хиллачух тера ду цуьнан, балхара дIабаха кечбинчеран тептара юкъа ша а язвина аьлла.
Цуьнах дийцира оцу декъера цхьана салтийчо. И къамел социалан машанехула дIасадаьржина. Цо и хаам, къайлах беш бу Михаил Андреевич бохучу стаге.
Ватс Апера аз: "Суьйра дика йойла хьан, Михаил Андреевич! Кхузахь хилларг цхьа къаьхьа де ду. Лейтенант Гаджиев дагавогIий хьуна, ахь соьга хаьттина волу? Комбато ша балхара дIавоккхуш ву аьлла, лартIера ваьллера иза. КХО ( герз латтош йолу чоь) чу а вахна, масатоп схьа а эцна, цу чуьра ротан баьчча а, кхиъ цу чуьра масех стаг а вийна цо. Доцца дийцича кхузахь 5 дакъа ду-кх Iуьллуш.
Иштта ду-кх иза. Ша дIавоккхуш ву аьлла дина. Савенков вара хьалха. Цо адамаш хьерадаьхнера. ХIинца Курдюков веъна. 24, я 28 стаг ву цо ша дIавоккхур ву аьлла. Со хIинца а меттаванза ву. Арара тхуна тIелетта моьттуш вара со. Оцу Гаджиевс мел дика кIентий байи. ХIинца а цуьнан дакъа цигахь Iуьллуш ду".
Шелковскехь хилларг толлуш леррина комисси ю. Цара цкъачунна даре деш дац лакхахь эскархочо дуьйцург, амма хIинцале дийца долиийна и Гаджиев молуш хилла аьлла.
Бутт ца кхоччуш Амуран кIоштерачу тIеман декъехь а хиллера ишттаниг. Дагестанера эскархочо герз диттина вийнера кхо салти. Ша а дукха хан ялале иза вийра гобинчу эскархоша. Оцу тIеман декъе иза вахийтина 9 де бен ца хилла.
Оршотдийнахь Шелковскехь хиллачо юха а айдо, Нохчийчохь эскархой дукха хилар а, царна юкъахь луларчу мехкашкара, къаьсттина Дагестанера кегий нах хилар а.
Мухха а далахь а, эскаран декъехь Дагестанерчу эскархочо нах байар, Росгвардина хьовха, Нохчийчоьнна а тIе таммагIа дожош хIума ду аьлла хета цхьаболчу тергамхошна.
Хьалха хилларг а, хIинца Наурехь динарг а куьйгбехкечеран собар кхачийна хIума ду аьлла хета Хасав-юртарчу вахархочунна Асхабов Мохьмадна.
"Вайн Кавказехь хилларг ерриге а Оьрсийчоьнна яьржаш гIарадолуш Iедал долуш ду. Дукха хан йоцуш а хиллера ишттаниг. Дагестанхо вара иза а. Цхьана хIуманех собар кхачийна хилла хира ду-кх".
ХIара дуьххьара инцидент яц хилларг Нохчийчура Росгвардин декъехь. Кху шеран бIаьста ялх меттигерачу вахархочо Шелковск кIоштарчу тIеман декъан тIелатар а дина, оцу кертара 6 эскархо вийнера.
ТIелеттарш байинчул тIаьхьа, уьш тIемалой хилла, шайн догIмашца лоьлхуьйтурш а йолуш аьлла, дIакхайкхийра Iедалхоша.