2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь эккхийтарш дарна бехкевина, вен кхайкхийначу Царнаев ЖовхIаран дейишо Царнаева Марета латкъам бина кхеле, яздо Newsweek журнало.
Кехат тIехь Нохчийчуьрчу адвоката Царнаева Марета, ЖовхIаран дейишас доьху шен вешин кIант вен кхайкхийначу сацамна апелляци ярх долчу девна юкъа ша йигар. Амма Iамеркан федералан кхело хьалхо тIе ца эцнера цуьнан изза дехар.
Дейишо бахарехь, "ФБР-о а, бехкевечара а цхьаний тIечIагIдира, теракташ динчу зуламхошкахь яккхий, Iаьржа рюкзакаш яра, цу чохь йина бомбанаш хилла аьлла".
Амма видеокамеро лаьцначу суьрта тIехь гуш ду, ЖовхIарехь жима, кIайн рюкзак хилар, яздо дейишо. Шен вешин кIант бехкецахиларан тоьшалла ду и боху цо.
"Тхан, ЖовхIаран гергарчу нехан шеконаш ю, кIентан адвокаташ тешаме хилла цахиларна. Цара доггаха ца бина шайн болх, хIунда аьлча, Iамеркан Iедалша ахча делла царна, политикан бахьанашца ЖовхIарна тIаьхьадевлла шаьш хиларна", - яздо Царнаевас.
2015-чу шарахь вен сацам тIе а эцна, Колорадо штатерчу Флоренцехь набахтехь латтош ву Бостонехь лелхийтарш дарна бехкевен Царнаев ЖовхIар.