ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Комисси а, хьаькамаш а дIагIур бу, тхо бухахь диса деза"


Russia -- Servicemen of the Russian National Guard walk during an anti-corruption protest organised by opposition leader Aleksei Navalny, in central Moscow, June 12, 2017
Russia -- Servicemen of the Russian National Guard walk during an anti-corruption protest organised by opposition leader Aleksei Navalny, in central Moscow, June 12, 2017

"Росгвардин" лейтенантца Гаджиев Маратца хьаькамаша лелийна харцонаш Iораяьхна цуьнан накъосташа.

Оршотан суьйранна 4-сахьт долуш Щелковск кIоштехь дIатардинчу Росгвардин ноьмар 67 91 тIеман декъехь герзаш диттина 5 эскархо вийна.

Куьг бехке лоруш верг ву 25 шо долу лакхара лейтенант Гаджиев Марат.

Официалан гIарабаьккхинчу хаамца, низамаш талхор бахьанехь иза балхара дIавоккхуш хилла, тIаккха мала а мелла, маса топ схьа а эцна, шена арз динчу эпсарна бекхам бан араваьлла Гаджиев.

Лаьзгин тайпана и жима стаг Къоман гварди балха вале дуьйна а цигахь гIуллакх деш хиллачу низамхоша дийцарехь, цуьнан хьокъехь хааме мел даьккхинарг дукхахдерг бакъ дац.

Масала, иза вехха хиллий, цуьнан хIусамехь харц литература карийний, цо сих-сиха низам талхош хиллий бохург буххера дуьйна а харц до Маратан белхан накъосташа.

Шайн цIерш яха ца хIуьттучу цара орцане мохь-цIогIа санна дIасадаржадо 6791 тIеман декъехь лелла нийсадацарш а, цуьнан буьйранча волчу эпсаро эскархошца лелийна харц юкъаметтигаш а.

Царех цхьаъ ву иттех шарахь гергга Нохчийчохь къепе латточу тIеман декъехь гIуллакх деш волу эпсар, оха хийцина цIе йоккхуш волу Ихван а. Цо яздина хIара:

"Сан дика юкъаметтиг яра веллачу Гаджиевца. И вер-ваккхарш нислуш бохам эккхаран бахьана ду, цу тIеман декъехь керла хIоттийначу буьйранчина оьрсий боцурш безаш цахилар а, кху 6791 ноьмар йолчу тIеман декъан коьрте хIоттийчхьана, цо шена дукха хIума могуьйтуш хилар а.

И керла командир кхуза ваийтале шина шарахь сов ваьхнера Гаджиев Марат шен хIусамненаца доьзалшна леринчу цIийнехь, амма керла веанчо, церан бераш цахиларх бахьна а дина, хIусамнана араяьккхина ДIегIаста дIахьажийна.

Марате зуда юха схьа ца ялаяйта, цо и волчу чу кхин эпсар а хааво ваха. Гаджиев шен бакъонаш ларьян гIортар лан ца делла керлачу хьаькаме.

ТIаьххьара и буьйранча ган а гина, и волчуьра схьавеъча,(цу шиннан хIун къамел хилла хууш дац), хIуъу делахь а, цхьа хIума чIогIа даз а делла, маса топ схьа а эцна, бекхамна араиккхина Марат.

Оцу командирна тIекхача тасавелла воьдуш, шена дуьхьало йинарш бу цо эгийнарш. Тхуна чIогIа къахета оцу Маратах а, цо байинчех а. МаьIне доцу, челакха вер-ваккхарш уьш долу дела. Иза цу зиле ваьккхинарг и керла хьаькам ву. И оьрси волу дела цунна дерриге могуьйту.

Цхьа бутт хьалха а нисделлера кхузахь кхо рота меттах а яьлла, цу командирна резабоцуш къепедацарш. Ростов гIалара инарла а веъна, Iора ца долуьйтуш, дижийра дов. ХIетахь а бехке леринчу кегийчу къаьмнийн векалех 18 стаг, де-буьйса далале, кхечу тIеман дакъошка дIасакхиссира. Ткъа керла хьаькам тIаккха а бехказа висира.

ХIинца массо хIуманна бехке и воьжна Гаджиев вийр ву. Кхиболчара мотт кхобур бу. Бакъдерг дIаала хIуьттур бац. Со а ву царна юкъахь. Стенна аьлча, мел лаккхара комиссеш а, хьаькамаш а, бахка а баьхкина дIагIур бу, кхузахь дуьсу дерш тхо ду. Цхьанне ца лаьа «йистера» хила, шайн «коча богIийла. Царех ву со а".

Ишта къамел динарг ву Шелковск кIоштехь нисделлачу вер-ваккхаран бахьана чуьра девзаш волу эпсар Ихван. Гаджиев Марата бехке боцчарна герз тIекIирдар нийса хетарш бан а бац.

Цу бохамах лаьцна дукхахболчарна хетарг ду аьлла хетта Шелан кIоштерчу Мадаев Iелас далхориг.

"Iаламат вон хIума ду цо динарг. Бехк а, гуьнахь а доцу нах байар иза эрчо ю. Мел вас йина, халахетийтина хила деза оцу командиро цу эпсарна, оццул бен-башхалла а йоцуш, накъостий охьабахккал. Соьга хаьттича, и зулам вуно чIогIа талла догIуш ду.

Схьадийцарехь цу тIеман декъехь дуккха а суьйлий а, нохчий а хуьлчух тера ду. Уьш бендацаран марахь, партал Iа беза аьлла ца хета суна. Бехкениг и милла велахь, цунна таIзар дайта некъ лаха беза цара бертахь.

Стенна аьлча, бIарзвинчу стага динарг ду цо динарг. Иза хьанна а тIехIотта тарлуш киртиг ю".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG