ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маттах тийсало Оьрсийчоь


Валерий Дзуцати

Кегий къаьмнаш «ассимиляцина» бухахьош ю Киев, бохуш, Украина гез а еш, Оьрсийчоьно аратосуш бу шен регионашкашкарчу школашкахь меттигера меттанаш.

Украино доьшийлашкахь, зорбанехь украинан мотт чIагIбархьама тIаьххьарчу кIиранашкахь тIеэцначу низамашна критика йо Оьрсийчуьрчу Iедалхоша.

Ткъа оццу юкъанна ша Оьрсийчоь шагъеш ю ша кегий къаьмнийн меттанашна дуьхаьл айина политика.

Iуьйранна 7 сахьт даьлча сарахь 10 сахьт даллалц телегойтийлашкахь буьйцу мотт 75 процентна украинаниг хила беза, аьлла, Украино арахецна низам емалдина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Дипломатин хьукматна хетарехь, оцу гIулчо, кхечу и санначара а санна, «гойту ишта а екъаелла йолу Украинан юкъаралла йоькъуш, ассимиляцин политика дIахьош дуйла Iедал».

Украинан мотт школашкахь массарна а Iамор тIедожош Украинехь арадаьлла низам а ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло емалдарца хьахош.

Кхечу пачхьалкхах кхарда бух болуш санна, Оьрсийчоьнан урхалло боху, Киево дац кхочушдеш Европан хартин тIедахкарш. Ша Оьрсийчоьно оцу хартина буха куьг яздина 2001 шарахь, ткъа янза ю ратификаци.

Украинехь 75 процент телеэфир украинан маттахь хир ю аьлча резайоцчу Оьрсийчохь, масала, Къилбаседа Кавказехь, телевизионаша меттигерчу меттанашкахь ца бо болх 5 процентна а. Тоьлла яц Оьрсийчоьно къаьмнашца лелаен политика дешаран декъехь а.

Украинан дешарх долчу низамо бахарехь, 2018-чу шарахь дуьйна кегий къаьмнийн меттанашкахь предметаш лахарчу классашкахь бен хьоьхур дац. 5-чу классе девлча берашна дешна бовллалц украинан маттахь хьоьхур ю предметаш. Ткъа 2020-гIа шо тIекхаьчча украинан маттахь хир ду дерриг а дешар, бакъду, шайн мотт Iамо бакъо хир ю кегийн къаьмнийн берийн.

Къилбаседа Кавказехь ерраш а санна ю школаш оьрсийн маттахь хьоьхуш, цхьа ненан меттанаш Iамо дитина сахьташ хилар доцург.

Украинехь орамаш долчу къаьмнийн векалшна магор ду цхьайолу предметаш ненан маттахь хьеха. Бухара орамаш болу къаьмнаш ларало цигахь гIирмин гIезалой, крымчакаш, кхараимаш, гагаузаш. Изза хьал ду ала тарло Оьрсийчохь къибаседа кавказхошкахь а, амма дерриг а ишта дацахь а.

ХIунда аьлча, Украина регионашна цхьабосса хьелаш кхачош, унитаран пачхьалкх ю. Ткъа Оьрсийчоь – ассиметрин федераци ю, конституцино ма-баххара, шена юкъа республикаш а лоцуш.

Оьрсийчоьнан конститутцин 68-чу артиклан 2-чу декъо боху: «Республикан бакъо ю шен пачхьалкхан меттанаш юкъабаха. Уьш Iедалан хьукматашкахь, меттигерчу Iедалан дакъошкахь, республикийн Iедалан хьукматашкахь лела Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан маттаца цхьаьна».

2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан конституцин кхело шен сацамца тIечIагIдира, ГIезалойчоьнна, къаьмнаш а ца хоьржуш, школашкахь массарна а гIезалойн мотт Iамор тIехь ду, аьлла.

Амма кхушара аьхка, Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу кхеташонехь къамел деш, Путин Владимира дIахьедира, оьрсийн мотт Iамор Оьрсийчоьнан массо а бахархойн декхар ду, ткъа кегий къаьмнийн меттанаш лаамза лелон цхьа а вац декхаре, аьлла. Иза конституцин кхело бинчу сацамца гарадолуш къамел дара.

ХIинца Оьрсийчоьнан прокуратура толлуш ю, Къилбаседа Кавказехь ненан меттанаш лаамехь Iамабо берашна, я церан лаамза. Меттигерчу эксперташна гарехь, меттанаш Iамор лаамний, лаамзалланий юкъахь дитахь, кеста къаьмнийн меттанаш хьошур ду школийн программашкахь оьрсийн матто.

Шайн регионашкахь конституцино къаьмнашна елла бакъо а ца лоьруш, меттигера меттанаш Кремло охаьтеIабо – делахь а ца хеда цо кхечу пачхьалкхашна оццу хьокъехь ен критика. Хьалхо Оьрсийчоьнан дешаран министрна Васильева Ольгина «дашо молха» карийра Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Юкъарлонна (СНГ) – массарна а юкъара хинйолу кирилликан шрифт юкъаяккха еза массарна а, элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG