ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллиардера Джабраиловс шен гIуллакхан сихояр доьху


Москохахь Кремлна уллорчу Four Seasons хьешан цIийнехь герзаш деттарна бехкевечу миллиардера Джабраилов Iумара талламчашка дехар дина, шен гIуллакхан сихха къастамбар, хаамбо ТАСС агенталло.

"Бехк шена тIе а лаьцна Джабраиловс, шегара даьллачунна дохко а ваьлла ша боху. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь масийттазза лазийна хиларна, оьгIазвахначохь даьллера шегара аьлла, мукIарло дина цо. Цундела шен гIуллакх листар къаьстинчу гурашкахь хилийтахьара аьлла бизнесхочо", - дийцина агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн хьостано.

Иштта цо билгалдаьккхина, Джабраилов кхетамехь хилар а, цуьнгахь наркотикаш цахилар а.

Карладоккху, бутт хьалха полисхоша дIалаьцнера Джабраилов Iумар, Москохарчу отелехь тховх герзаш деттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG