ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу школехь шина кIантана йиттина эскархочо


Соьлж-гIаларчу лоьмар 24 йолчу школехь инцидент иккхина кху деношкахь. Радио Маршога оцу школехь доьшучеран гергарчара бинчу хаамашца, урок йоьдучу хенахь 6-чу классан чу а иккхина, шина кIантах летта тIеман барзакъ доьхна, герзаца волу стаг.

Теллича, шен йоьIан арзаца веана хилла да "Север" батальонан эскархо хилла. Воьддушехь цхьана кIантана етта волавелча, йоIа, "и вацара, важа вара" а аьлла, шолгIачух летта иза.

Хилларг гIарадаьлча, сихонца дижо гIоьртина школан директор. МаслаIатан бахкийна Iеламнах юкъахь а болуш, дешархойн дай-наношца цхьанакхетар хилла цигахь. Цара емалдина эскархочо берана еттар, амма иза кхин деста а ца деш дерзор гIоле хир ду аьлла, сацам бина гулбеллачара.

Ала догIу, кху бIаьста Минводы олучу гIалахь а хиллера иштта зулам. Шен йоIана тIехIотта веанчу дас, цуьнца доьшу кIант човхийнера.

И гIуллакх полице а, дешаран министралле а даьлла, дижа ца дира школехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG